|
2004-гIачу шеран 28-гIачу февралехь, «вайна» аьлла хаам хуьлуш, вайна юкъара дIаваьлла, къоман къонах волу Гелаев Хьамзат
Гели Iабдул-Къедаран кIента, Iабдул-Хьамидан кIант Хьамзат (Руслан) дуьненчу ваьлла, 1963-гIачу шарахь, Хьалха-Мартанан кIошти чуйогIачу, «СоIди-кIотар» олучу Нахчийн махкарчу юьртахь.
Дайх лаьцна, шийтта дена тIекхаччалца йийца силсила йолуш, къонахаллица билгала бевлла дай а, гайта бух а болчу нехан, «гухойн» тIаьхьенах цхьаъ ву и Хьамзат.
1991 шарахь дуьйна, маршо яккхарца буьйзиначу новкъа араваьлла, шен дегI а, са а ца кхоош халкъа дуьхьа, нахчийн махка дуьхьа лелла, шен тIеххьара цIийн тIадам латто дIахуддалца, цу луьрачу мостагIах борз санна, майра леташ. Цу мостагIчух кийсакаш йохуш йолчу тобанан баьчча а волуш, къарцавеллачу къонахойх цхьаъ ву Хьамзат. Сел боьха волчу мостагIчо а, ямартхоша а дикачу агIора хьахош, ларам болуш хилла ву иза. Хьамзат бен кхин вац, и тайпа масала дало йиш йолу къонах.
Дуьххьара, 1991-гIачу шарахь, шайн лаьтта тIехь дай хила беза аьлла, питанна юкъахьакхийначу абхазийн хьалкъо орца дехча, царна орцах бахначарех ву Хьамзат. Цигахь цо гайтиначу доьналло а, тIеман говзалла хиларо а, дуьхьала еш берш а цецбохуш, шен бIонакъостийн бIаьрг бузийра цо.
Цара иза, шайн хьалханча а хаьржира. Делахь а, и арабаьккхина некъ бакъонан бух боцуш буйла ша кхеттачул тIаьхьа, цигара цIа вирзира Хьамзат.
1992-гIачу шарахь, шеца Абхазехь а, Карабахахь а тIеман говзаллица билгала бовлла къонахой вовшаха а тоьхна, Нахчийн пачхьалкхана чуьра а, арара а болчу кхерамна дуьхьало ян, тIеман говзалла йолу тоба кхоьллира Хьамзатас, «Борз» аьлла, цу тобанна цIе а туьллуш. Цу накъосташа барт беш, Хьамзат шайн тIеман хьаькам хаьржира. Дукха хан ялале, «и тоба, нийсонан некъа тIехь ю» аьлла, Нахчийн махкахь гIараелира.
1994-гIа шо чекхдолуш, Нахчийн маьрша пачхьалкх йохаян, махка гIоьртира луьра мостагI. И мостагI хIаллаквеш, майралла гойтуш, махкарчу кегийрахошна масала хилла дIахIоттира, цу къонахойх лаьтта Хьамзатан и тоба.
1995-гIачу шеран хьалхарачу беттан деношкахь, хиллачу тасадаларшкахь, «Борз» цIе йолчу цу тобано керстан эскархой а, церан тIеман машенаш а хIаллакйира. Бакъду, цу деношкахь Хьамзатана а йира чевнаш. Корта лазош, йоккха потт яккхарца каг кагбеш яра Хьамзатана йина и чевнаш. Цунах бахьана дина меттахь ца Iуьллуш, дукха хан ялале тIемалайн могIане дIахIоьттира иза 17-гIачу дийнахь. Iасанца, когах йоллуш «Елизаровн аппарат» а йолуш, тIеман хьелош довза, тIемехь лаьттачу къонахойн дог иракарахIоттош, массанхьа ваьлла хьийзира Хьамзат. Дукха хан ялале, Дудаев Джохарас омра деш, Къилб-Малхбузан фронтан (ЮЗН) тIеман хьаькам хIоттийра иза. Цу фронтан дозано чулоцучу латта тIехь, шайн маршо ларош къийсамехь лаьттачу нахчийн яхь йолчу къонахоша, къобалвеш тIеийцира Хьамзат. Цул совнаха, иштта цхьаа хало йоцуш, нахчийн къонахоша а, цул тIаьхьа халкъо а къобал еш тIеийцира, цуьнан хилла «Руслан» цIе, «Хьамзат» аьлла тиллиначу керла цIарца хуьйцуш. И цIе, кхоччуш халкъо дIачIагIйийра ю, тIом чекхбаьллачу муьрехь, Хьамзат Хьаж-цIа вахначул тIаьхьа.
1996-гIачу шеран март баттахь, Соьлж-ГIала яккха тIедиллар деш, Дудаев Джохарас билгалаваьккхира Хьамзат. Иза коьртехь волуш йиначу цу операцино, мостагI акъваьккхина ца Iаш, дуьне а цецдаьккхира «…тIемалойн къийсам, эшаме бирзина» аьлларг дохош. Хьамзатана уллохь болчу нахчийн къонахойн юьхь а, церан доьналла а девзира юха а дуьненна. Нахчийн тIемалой къарбан, АллахIан бен ницкъ боцийла дIахаийтара цара. Иштта, цу тобанаша инзаре, баккхийра тIемаш бира Къилб-Малхбузера яртийн цIераш йовзийтуш кху дуьненна а. Уьш яра: Буммат, Янди-кIотар, Iашхой-кIотар, СемаIашка, Iалхан-ГIала, ГихтIа, ГIой-йист, АтагIа тIера дIадолу Орга-хин чIаж, Зонах, Шуьйта, Хорсане, Борзе.
1996-гIачу шеран август баттахь, цхьа барт болуш дIахIиттиначу тобанашна, цу АллахIа шен къинхетам тIебоссош, хIара харц дуьне цецдоккхуш, гIазакхийн эскараш хIаллакдеш, церан цхьацца долу дакъош йийсаре далош къурд а алийтана, шайн мохк цIанбеш, уьш аракхиссара яхь йолчу къонахаша а, церан накъост хилла дIахIоьттиначу нахчийн халкъо а.
Дуьненчохь йолчу массо а пачхьалкхаша бехке йина, жимачу бусулба къоме шайна тIехь толам баккхийтарна юьхьIаьржа хIиттош йолчу Российн пачхьалкхо, керла тIом юхаболо питане бух кхоьллира. Дуьненчуьра, хьал долчу керстанан пачхьалкхашка ахча а дехна, кхаа шарахь кечам а бина, суьйлин ямарта Iедалца, кечдиначу питанна юкъахьакхийра нахчийн къам 1999-гIачу шарахь. ХIаваан кеманашца тIе бомбанаш, стратегин геналла йолу «Точка-У» олу яккхийра ракеташ етта йолира Россино шен эскарш махка чудаладале. Хьалхарчу тIамо йохийна гIаланаш, ярташ меттахIиттоза йолу, чевнаша гIорасиза бина Нахчийн мохк а, мегаза чевнаш ерзаза болу тIемалой а, юха тIаме хIитта бийзира. ТIом балале лелийначу питано, куралла совъялла ийманах боьхначу тIеман хьаькамаша барт бохийна, гIорасиза дара питано декъана нахчийн халкъ. ТIех инзаре къизалла гойттуш, чугIортиначу гIазакхийн эскаран ницIкъашна дуьхьала хIиттира юха а, нахчийн яхь йолу и къонахой. 1999-гIа шо чекхдолуш, Джовхар-ГIалина гобина дIакъевлира иза. «Цу чуьра, дина стаг аравер вац» бохуш, Москухахь болчу шайн баьччашна тешаллаш деш, кураллаш еш болу муьжгийн инарлаш, шайн болу ницкъ тIетаIош, маситтазза, нахчийн пачхье йолу Соьлж-ГIала якхха хьоьвсира уьш. Шина баттахь, 360 тIемало гIазот а хуьлуш дуьхьало йиначу тIемалаша дIаделларг, гIалин латтанах итт процент а дацара. Шайн гIуллакх хира доцийла кхеттачу мостагIчо, хIаваан кеманашца пхиъ-итт тонн йозалла йолу бомбанаш а, хIурда кеманаш тIера, «Точка-У» олу яккхийра, заррат-герзан корта бахьа томехь йолу ракеташ а етташ, гIалин гIишлош йохо йолийра. Цул совнаха, газан, химин дIавш доьттина снарядаш етташ, адам де а хьаьжира и боьха гIазакхий. Чевнаш хиллачу тIемалошна дан амал доцуш, маха тохаза, межийнаш яхар лоьрашна тIедоьжча, гIала йита, гIалате сацам хилира тIемалойн коьртехь болчу хьалханчин. Масситта го хадош, тIемашца ара а бевлла, лаьмнашка хьалабахара уьш. Цу халачу некъо, дуккха тIеман вежарий дIакъастийра царех. Дукхаха болучарна чевнаш еш, лаза а бира.
«ТIом, хира бац!» аьлла, шен халкъ Iалашонах тилор а, цул тIаьхьа, гIолехьа болу тIеман ницкъаш, даккхийра герзашца цхьана гIали чугулабар а, паччахьан глобальни гIалат дара цуьнан стратегин а, тактикан а некъо галадаьккхина. Цу тIера дIа зIе йолуш яра, цул тIаьхьа, къоман къонахоша яхна гIалате гIулчаш. Дудаевс санна, нахчийн доллу латта, мостагIчуьнан когаш кIелахь дагийта дезаш дара, тIамци бен цхьа гIулч дIа а ца луш. Юха а, цуьнан хенахь санна къоман а, цуьнан къонахойн а цхьаалла яра, и некъ бан оьшург. Иза яцара, вайн махке, мостагIчо шен харцо кховдочу муьрехь.
2000-гIачу шеран март беттан хьалхарчу деношкахь, Хьамзат вина а, кхиана а йолчу СаIди-кIотара бахка бийзара, чевнаш хиллачу, хьаннашкахь дан амал доцуш бисначу тIемалойн. Ямартхоша, даима санна, мостагIийн инарлех сихонцо хабар кхетийра цу хенахь.
2000-гIачу шаран, 5-гIачу мартехь, Iуьйра-ламазна нах гIовтале, юьрта тIе бомбанаш етта йолийра цу Делан мостагIаша. Цу бомбанин гIовгIано самадаьккхина адам, Iадийча санна, хIун дийра ду ца хууш доьхна дара. Зударшна, берашна, дийнатана хIун дийра ду ца хууш, бIаьрзе хьаьвзира массо а. Арахь серлаялча, синкхетаме баьхкхинарш уьдуш юьртаха бовла дагахь, гIазкхий болчу агIора дIахьаьвдира. Цу къемате хьола юкъара арадаьлла и адам дIа ца дохийтуш, эрна арехь сацийра гобеш. Инзаре дукха, мостагIчуьнан эскарш дара цу юьртана тIеоьзна. Цу хенахь, лаьмнин хьаннашкахь вара Хьамзат а, цуьнан тешаме болу тIемалой а. Иштта, цуьнца бара: къена нана а, йижарий а. Арцан дукъ тIера дIахьаьжча, дика гуш дара цунна, шен юьртахь долу хьал. Цу юьртахь чевнаша лазийнарш, когаш гIорийнарш дукха хиларна, орцаха вахара царна Хьамзат. Арцан лахахь, юьрта йистехь долу мостагIчуьнан эскаран дакъа хIаллакдеш, юьрта чувеара иза.
Цул тIаьхьа, юьрта йистехь сецош адам а долуш, цу юьрта гонахьа ца тоттуш, цхьаа эскаран дакъа ца дитира мостагIчо. Iаьнан ялташ дийна аренаш, мостагIийн тIеман технико Iаржйинера хIаллакдеш дIадийна ораматаш. Дийнахь а, буса а хIаваан кеманаша, ца сацош, даима чуетташ бомбанаш, ракеташ яра. Оццул, халчу хьолахь болчу тIемалошна а, Хьамзатана а тIехь доцург ала гIерташ, кIезга ийман долчу наха дуьйцург ца ладелла, веши кIант а, цуьнан бIанакъостий а дуккхабезаш хиллачу Хьамзатан девешин дог иккхина сецира. Иза, цу майданахь дIавелира. Пхеа дийнахь-бусий цу юьрта йистехь, шайни тIемалошний юкъахь латтийра мостагIчо и дерриге сурт гуш болу соIди-кIотархай. Хьмзатана уллера, яхь йолу, дукха кIентий гIазотан новкъахь дIакхелхира.
ТIаьххьаре а, кхо бIе стаг ца кхоччуш йолчу тобанца мостагIийн го хадош аравелира иза. Цул тIаьхьа дукха хан йалале, ГIалгIайн мехкан дозанца, хIирийн махка юьдуш йолу, гIазакхийн онда эскаран къепал йохийра Хьамзатан накъосташа. Иштта, шайн аьтто баьллачохь тIелеташ, мостагIчух кийсакаш йохуш зама а яхьира цо цу шарахь.
2001-гIачу шарахь, Iаьнна кIелавахча, хира йолчу халонех шен бIанакъостий ларош, Гуьржийн махка дехьавелира ханна Хьамзат. Могашалла жимма метта ца хIоттийча, вочу хьолахь вара иза а, цуьнан бIанакъостий а. Дехьа-сехьара тIеоьхуш, цуьнан тоба стаммелира цу Гуьржийн махкахь. Хьамзатан даима ойла яра, Нахчийн чоьнна чухьийзош йолу тIеман цIе, цу чуьра арайоккхуш, гIазакхийн махка а, церан политика кхоччуш къобал ечу мехкашка а яккхар.
Цо даима ойла еш, иштта шен деган кIоргалленехь сецош дара цхьа-ши хIума: цхьаъ – Абхазин Iаткъаман ачо, шолгIаниг – Карабах.
1997-гIачу шарахь, шен тобанца Пакистане ша воьдуш, со теш а волуш, Азербайджанан муфтига элира цо цкъа: «Алиевца, со вовшахакхетара волу агIо нисъе. Карабахца дуьйзина, историн геналла нисъярца доьзна декхар ду, тхан нахчашна тIаьхь дисна» аьлла. Ца хуучарна хаийта боху аса: «И мохк, ширачу заманчохь нах-этносо кхиийна, бакъболу вайн мохк бу».
Цул совнаха, иза даима сагаттадеш вара, кхетам кхиаза волчу заманчохь шегара даьлла гIалат, юха метта, муха хIотталура ду ца хууш. Гуьржашна хьалха, Джохарас Гамсахурдица хIоттийначу гIиллакхо дукхаха дерг меттахIоттийнехь а, Абхазин мохк гIазакхашкара схьабоккхуш, Гуьржийн тIома кIелабалор, шен декхар хеташ вара Хьамзат. Цуо иза, кест-кестта, дагара дуьйцучу хенахь хьахош а дара. Цуьндела, Абхазе вахара иза шен бIанакъосташца.
Делахь а, глобални хийцам бан ойла йолуш хиллачу гуьржийн политикан ницкъаша ямартло йина, Хьамзатан Абхазе вахар, тIаьхьало йолуш ца хилийтира. Амма, гуьржийн хьекъал долчу адамашна девзира, цуьнан и ният. И бахьана долуш, нахчашца кхоччуш дIаялаза хилла шайн мекха, дикка лахйира гуьржийн къомо.
Абхази яккхаран гIуллакх кIеладисарна бехке верг Шаварнадзе а, цунна и дехкар дина долу Американ Iедал а ду. Абхазица дерг чекхдера доцийла шена хиъча, Нахчийчу юхавахара Хьамзат шен тешамечу бIанакъосташца.
2002-гIачу шарахь, шайн баьчча везачарна а, доттагIашна а боккха кхаъ хуьлуш, цу Везачу АллахIас совгIат деш ши кIант велира, бер доцуш долчу дена, нанна. Исс шо зама яллера, Хьамзатас хIусамнана ялийна а, церан бер доцу а.
Тахана, «Хьасан», «Хьуьсайн» аьлла цIераш техкина, Хьамзатан кIенташна цуьнан накъосташа. Амма, дена кIентий а, кIенташна да а гина вац. Иза, АллахIан лаам бу. Дала, шайн де хилла сий дицдеш, сийдолу тIаьхье йойла царех.
2003-2004-гIачу шерин Iаьнан баттахь гIазакхашна бохкабеллачу мунафикъаша а, хьагI йолчу къайлаха болчу мостагIаша а, хьалххе кечбиначу тешнабехкана кIеланисвира, мостагIчуьнан кIелонна тIевалош, кIеззиг йолчу тобанца и Хьамзат.
Ямартлоно бух кхоьллиначу цу тIамехь, шен тIаьххьара цIийн тIадам лаьтто дIахуддалца дуьхьало еш, доьналлица дIавелира Хьамзат а, дукхаха болу бIонакъостий а. МостагIашна чIогIа лаьара, дийна а волуш иза шайна йийсаре вогIийла. Амма, Хьамзатан амало и ца бохура. МостагIчунна букъ берзор боцуш, гIазотехь дIакхалхар ирс хеташ вара иза. Иштта, шен ният кхочушдеш чекх а велира, и нахчийн бакъ волу къонах 2004-гIачу шеран, февраль беттан 28-гIачу дийнахь. Хьамзатан а, цуьнан накъостийн а и деза гIазот, цу Сийлахь-Воккха волчу АллахIа къобалдойла. И яхь йолу, майра къонах кхиийначу дена, нанна Дела реза хуьлда. Нахчийн халкъо, цкъаа биц бийра бац шен къонахой, Хьамзатах тера баьччанаш.
АллахIу акбар!!!
Хьамзат вийна аьлла, телевизора чохь, Хьамзатан дакъа схьагайтиначу буса яздина, сан дешнаш ду хIорш:
Инарла, баьчча, Делан лай волчу
Ирча кхаъ бохьуш, Iаьнан де кхечи,
1998-гIачу шарахь, яздархо волчу Берсанов Хожа-Ахьмаде сайн “Iаьржа материалаш” елира аса, “…хьайн аларца нисъяй, айхьа арахеца кечдиначу тептарна юкъаяхийтахьара ахь хIорш” аьлла (Цу хенахь, сайх бIобулаш вацара со яздаран некъахь). Аса гулайина ойланаш, пхеа къонахчух лаьцна яра цу хенахь. Уьш бара: цу муьрехь дийна волу, гухойн кIант Хьамзат Гелаев; Парламентан депутат волу, дишнин кIант Баматгириев Вахита; гIазотан новкъахь дIакхелхина: ТIехьа-Мартан кIоштан сий лардина орстхойн кIант Мержоев Ваха а, Бибулатов Олхазар а – Котор-Юьртара гIаттамхойн баьчча; иштта, “Президентан Гвардин” командир хилла сан ваша, нихалойн Ахьмад а.
Ткъа Джохарах лаьцна яздан, тахана а хIуттуш вац со (цуьнца доьзнарг девзушшехь), сайн маттаца, цунах лаьцна дийца, кIоргалла йолу дешнаш ца тоарна кхоьруш. Иза, АллахIа пурба лахь, хиндерг ду.
Хожа-Ахьмаде аса ковдийначарех ду, хIара «Дог майра Хьамзат» олу, тодина тептпран дакъа.
ДОГ МАЙРА ХЬАМЗАТ
СоIди-кIотар хазчу меттехь Iуьллуш ю. Дала кхоллина Iаламан хазна ю, и юьрт йолчохь го баьккхина лаьтташ.
Юьртан беркат ду, шена чохь къонах кхиар. Къонах а волу юьртара, юьртана юьхь-кIам болуш, иштта кIилло йолу, юьртана кхардам болуш. Цхьа терра ца кхуллу Дала адамаш. Цхьа терра ца ло царна амалаш. Ткъа СоIди-кIотаран кхин кхаж баьлла. Юьртана а, махкана а, юьхькIам болуш дика къонах, вуьззина нохчо, Гелаев Хьамзат цу юьртахь кхиъна хиларна.
“Вуьззина нохчо ву" олу яхь йолчу къонахчух, хьекъал, собар, доьналла цуьнгахь делахь, шен дешан да иза велахь. И дерриге а "вуьззина нахчо ву” ала тоьаш дац, гIиллакх цуьнгахь дацахь, оьздангалла цуьнгахь яцахь, гIийлачух, мискачух дог лозуш, къинхетаме иза вацахь, шен халкъан дуьхьа, эшначохь шен са дIадала кичча и вацахь. И дерриге а куьцаш шеца долуш, вуьззина нахчо вара дивизионни инарла Гелаев Хьамзат.
Хьанна моьттура СоIди-кIотарахь хаьъна догIучу хин берда йистошца, тIулган гIайрешца, ураман некъашца, гондахьара хьаннашца, бераллехь ловзуш, кхерсташ, леллачу Хьамзатах инарла, къоман турпалхо хир ву. Цуьнгара доьналла гучудаккха, тIеман говзалла гучуяккха Россин къиза, и боьха эскарш тIелетта юха а. Нахчийчохь, тIом хира бу хьанна моьттура?
"Маршо, я Iожалла!" аьлла айъинчу гIазотан байракха кIел, Нахчийчуьра яхь йолчу кIентийн могIаршка Хьамзат дIахIуттур ву, ханна моьттура, иза бер долчу хенахь?
Жима волуш дуьйна, юьйлура Хамзатан къонахчуьн амалаш. БархI-исс шо кхаьчначу хенахь ладегIа, ойла ян велира Хьамзат нахчийн къоман дахарехь хилла долчийн, хуьллуш долчийн. Цуо лерина ладугIура баккхийчу наха къоман турпалхойх - Адин Сурхох, Мадин Жаммирзех, Зеламхах, Таймин Бийболтах лаьцна дуьйцучунга, царех лаьцна даьхначу иллешка. Йовза гIертара, оцу дикачу къонахойн, турпала амалаш. Шен дайх волчу ГIубашан, обарг Хасухан, церан къонахаллах, майраллах лаьцна долу дийцарш дара Хьамзата амал а, ойла а кхиош, болат санна яхчаеш.
Коммунисташа, Советан Iедалан ЦIе-Эскарша Юккъерчу Азехь: Туркменехь, Таджикистанехь, Узбекистанехь, басмачашна дуьхьала бо тIом гойту киношка хьаьжча, оцу бусалба адмашна еш йолу гIело гучаюьйлура Хьамзатана. Цу халкъашна тешнабехк беш, царна тIехь къизалла латтош, ла ца лора цуьнга. ТIамца шаьш толам боккху ала гIерташ, гIазкхаша шайгахьа оьзна, шаьш хьестош яьхна и кинош, Хьамзатана кхечу агIора гора. Оцу мискачу адамех, цу бусалба вежарех къахетара цунна. Коммунистех, Советан Iедалах, гIазакхех тешам байнера. Церан харцонаш, церан ямартлонаш ла ца лора Хьамзате.
Жимачохь дуьйна, Хьамзатана йовза лиира вайн къоман истори. Маршонехьа, паргIатонехьа, йозуш йоцу пачхьалкх кхолларехьа къуьйсуш, нахчаша Россин эскаршна дуьхьал биначу тIамах лаьцна, Россин колонизаторин политикна дуьхьала латтийначу къийсамах лаьцна, литаратура карийча, иза йошура цо. Ойла еш, хилла долчух кхета гIерташ, йоьшура цо и историн агIонаш. Шайх Мансур, имам Шамал, Харачойн Зеламха - и къонахий бовза, царех лаьцна яздиначух, дуьйцучух пайда оьцура Хьамзатас. Даима, цунна дуьхьала лаьттара, оцу къонахойн, нахчийн къоман турпалаллин васт.
Билгаладуьйлура церан хаза гIиллакхаш, евзура церан турпала амалаш. Маршонехьа къуьйсуш, Россин колонизаторшна дуьхьал латтийначу къийсамашкахь билгаладолура, нахчийн къам ша-тайпана а, майра а къам хилар. Цхьанхьа яздина карадора, масала, 1885-чу шарахь Санкт-Петербургехь араяллачу "Кавказская война в отдельных очерках, эпизодах, легендах и биографиях" аьлла цIе йолчу, 2-гIа томан сборника тIехь В.А. Потто-с яздинарг: "Кто-то справедливо заметил (шена гинешшехь боху цуо иштта), что тип чеченца, в его нравственном облике есть нечто, напоминающее волка. Лев и Орел изображают силу, те идут на слабого, а волк идет на более сильного, нежели сам, заменяя в последнем случае все - безграничною дерзостью, отвагою и ловкостью. И раз попадется он в беду безысходную, то умирает молча, не выражая ни страха, ни боли, ни стона! Чеченцы высокого роста, с резкими чертами лица, быстрым решительным взглядом. Они поражают своей подвижностью, проворством и ловкостью. На войне они кидаются в середину колонны, начинается ужасная резня, потому что чеченцы проворны и беспощадны как тигры.
Кровь опьяняла их, омрачала рассудок, глаза их загорались фосфорическим блеском, движения становились еще более ловки и быстры: из гортани вылетали звуки, напоминающие скорее рычание тигра, чем голос человека".
Ткъа иза, и санна яздинарг а, нахчийн къам турпала къам хилар гойтуш дара. Иштта нахчийн къоман, нахчичуьнан васт гойтуш яздинарг, мехала лорура Хьамзатас, цхьаъ ша, турпалхо хьестош яздинчулла.
Масала, обарг Зеламха гIараваьлла къонах хилла, массарна а везаш, массара а сий деш, лоруш. Амма цунах лаьцна Гатуев Дзасоха а, Мамакаев Мохьмада а язйина романаш, иза ша цхьаъ хьестош ю. И къонах схьаваьлла къам хьесапе ца ларарца, “нахчийн къоман, цхьацца бен, я цкъацца бен, къонах волуш ца хилла” бохург санна хетара Хьамзатана иза. Цунна, юха а билгаладолура шайх Мансур, имам Шамал коьртехь а волуш, маршонехьа къуьйсуш Россин эскаршна дуьхьал бечу тIамехь девзина гIазкхийн эпсаршна историкша, яздархоша гайтина нахчийн къоман турпалаллин васт.
Масала, кхин цхьана меттехь а яздина иштта: "Когда смотришь в одно время на чеченца и на нашего братца вахлака русского, то русский производит впечатление неуклюжего, травоядного животного рядом со статным и смелым хищником. У чеченца пестрота наряда какой-нибудь пантеры или барса, грация и гибкость ее движений, ее страшная сила, воплощенная в изящные стальные формы... Это поистине зверь, отлично оснащенный всяким боевыи оружием, острыми когтями, могучими зубами, прыгающий как резина, увертливый, уносящийся с быстротою молнии, с быстротою молнии настигающий и разящий мгновенно, загорающийся такою злобою и гневом, какими никогда не в силах одушивиться травоядный вол".
Е. М. Марков, "Очерки Кавказа", С-Пб, 1875 г.
Иштта къонахчуьн васт девзаш а, дезаш а вара Хьамзат жима волуш дуьйна. Цуьнан синкхетамехь, дагца чIагIлуш яра, вуьззиначу нахчочуьнан болатан амал. Халачу муьрехь а, аттачу иза ваьллачу хенахь а, цунна гергахьийза, цуьнан накъост хила аьтту бина сан цу везачу АллахIас. Ша-шех тоамбийраг воцуш, ша хьастор дезаш воцу и къонах, даима шена гонахьа къонахой хуьлийла лууш, царех тIех къаьсташ воцуш хуьлура. Иза бара, цуьнан вастан бух а, цу лакхахь хьахийначу яздархошна, цо шен дахарехь дала кечдина жоп а. “Къонахой боцург къам а дац, къам доцург къонах а вац” бохург дара цуьнан иза.
1990-1991-чу шерашкахь цхьацца тайпа партеш кхоллаелира, нахчийн маьрша пачхьалкх хила еза бохучу тIехь. “Вайнехан Демократин Парти” (ВДП) а, Бисултановн "Народный Фронт" а, кхин цхьаьцца боламаш а хилар хууш, радиочухула, телевиденихула царех лаьцна хIун дуьйцу хьожуш, ладугIуш вара Гелаев Хьамзат. Къаьсттина, леррина ладугIура цуо, керлачу хаамашка.
"Маьрша пачхьалкх кхолла, хIун оьшу техьа?" олий, хетара цунна. И боламаш, и партеш хIун Iалашо йолуш, вовшахаеттало хаа лаьара. Нахчийн къоман махкахь кхолладелла, чолхечу хьелашкахь, юьстаха латта дагахь вацара иза.
Сибрехара цIадирзичхьана дуьйна, коммунистийн идеологис а, гIазакхийн шовинисташа а, нахчашна тIехь лело харцонаш, ла ца лора цуьнга. Цьундела, маршонехьа, паргIатонехьа, нахчийн къоман йозуш йоцу пачхьалкх кхолларехьа болчу къийсамехь, дакъа лаца лиара цу яхь йолчу кIантана.
ТIаьхьо, Дудаев Джохар, ОКЧН-ан председатель хIоьттира. Цуьнан къамеле ладоьгча, ша шех дагавелира Хьамзат. "ХIокхунах-м, цхьа гIуллакх хуьлуш ма-доллу" аьлла, Соьлжа-ГIала охьавахара иза. Кхолладелла хьал, ша юьстахаваьлла Iачохь ца хийтара цунна. СовМинан гIишло хьалха, Ханкаров Хьамзат кхийтира цунах.
Могаш-маршалла хаьттиначул тIаьхьа:
- Хьамзат! Оцу, ОКЧН-ах лаьцна, хIумма а дуьйцур дарий ахь суна? Леррина, иза хIун организаци ю, цуо лелош дерг хIун ду хьажа, веъна-кх со! - элира юьртара веъначо.
- Делахь, Руслан! Со меца а ма ву (Цу хенахь, “Руслан” олий йоккхура, Гелаевн цIе). Кхузза, кафе чу, хIума яа гIуо вайшиъ? Цигахь дийр ду, вайшиммо цунах лаьцна къамел! - аьлла, гена йоццуш йолчу цхьана кафе чувахара и шиъ.
Ханкаров Хьамзат ткъа шо, ткъе ши шо хира долуш хаза, жима стаг вара. ЦIена бос болуш вара иза. Цуо деш долу къамел, цуьнан велавелла, векхавелла хилар тайра Гелаевна.
- Хьамзат! Дуккху а партеш, движенеш кхоллаелла Нахчичохь. Вайн къомана, царех муьлханиг пайдехь ю ца хаьа суна. Хьо мичча партехь велахь а, хьоьца хилла лаьа-кх суна. Хьан багах йолу Iаь, ахьа олу дош, сан даго къобалдо. Хьо велавелла, векхавелла хилар, дог цIена, иман долуш хьо хилар ду аьлла, хета суна! - элира Гелаевс.
- Хьо сайца хилар, суна а ду доккха совгIат. Суна, хьо санна волу накъост оьшу, дагавала а, вайн халкъан дуьхьа долийначу гIуллакхна юххе вала а, гIо дан а.
- Со волуш ву-кх хьуна накъост, вай делла дIадовллалц, - элира Гелаевс.
Кхаа-деа сохьтехь, вовшашца даггара дуьйцуш, къамелаш хилира цу шиннан.
Гелаевна, аренца а дика вевзинера, шен хинволу цIархо. Цуьнан амалаш тайнера, цуьнан гIиллакхаш а девзинера. Аренца, тешаме накъост а, комаьрша кIант а вара Ханкаров Хьамзат.
Цул тIаьхьа, уьш дIасхьакъаьстина дукха хан ялале, юха а, цхьана нисвелира и шиъ.
- ХIун ду керла? Кхузахь керла хIун ду хьажа а, пайдехь дерг, сайга хIун далура ду хьажа а веъна со, хьох дага а волуш, - элира Гелаевс.
- Делахь, Руслан! Тхо, цхьа тоба Абхазиэ йоьдуш ю, цу абхазашца гергарло таса. Хьо тхойца веъча, бакъах хетара суна. Лаахь а, ца лаахь а, хьоьга вола-м ца боху ас. Вола а аьлла, хьуна тIе декхар дожо а ца лаьа. Хьайн даго къобал динарг де! - Хьамзатас аьлча, цига цаьрца ваха, резахилира Гелаев.
Цаьрца Абхазиэ вахна, хIумма дохко а ца велира иза. Абхазашна нахчийн къам а довзийта, цаьрца гергарло а таса, шаьш лоруш, сийдеш долчу адмашца, цхьанакхетарш хилира церан. Оцу цхьанакхетаршкахь, вайн нахчийн векалша динчу къмелашна резахилира Хьамзат. Абхазаша лоруш, сийдеш, дика тIеийцира Нахчичуьра хьеший. Дашаев Умалт а вара, цига бахначаьрца.
Цу хенахь, вайн “Нахчийн Къоман Театран” коллектив яра цига еъна. Бухарчу хIусамдайшна гергахь, цаьрга лерам буйла хаийта, вайн артисташа хIоттийначу спектакле, концерте бахара "хьеший".
ЧIогIа самукъаделира Гелаевн вайнехан йоIа, кIанта динчу "испанин" хьуьнаре хелхарах. Дукха чIогIа каде а, хаза а, хелха делира и шиъ. Къаьсттина хаза хийтира цунна, оцу йоьIан а, кIентан а вайнехан, нахчийн хелхар. "ЧIарх" аьлла, белшаш тIера верта охьа а тесна, хаза ког шаршош гуо баьккхина тIевахна, йоьIана лерина, коган буьхьиг тIаьхь бохь буьйгIира кIантас. Оцу концертана резахиллачу Гелаевс, баркалла элира артистийн куьйгалхочунна. ХIета, дуьххьара гуш вара цунна, гIараваьлла волу Амаев Дагун. Концертана резахилар а хоийтуш, дийцира цуо шаьш Абхазиэ дахкаран бахьана.
- Тхо хIокхаьрца гергарло а таса, доттагIаллин юкъа-меттигаш а кхолла даьхкина ду. ХIокхара лоруш, сийдеш, дика тIе а эцна тхо. ХIинца, шайна оьшург ала. Тхо, шун гIуллакхе хьовсура ду! – аьлла, гIиллакх лецира Гелаев Хьамзатас.
Иштта, циггахь нахчийн театре ша-тайпа безам кхоллабелира цуьнан.
Абхазиэ шаьш даьхьна гIуллакх мехалла хилар, къобалдора Хьамзатас, дIай-схьай хиллачу шайн къамелийн джамIа дича.
Цара бохура: "Аша дIа кхайкхинарг, шайн маьрша пачхьалкх кхоллар ду, нахчийн къам, маьрша къам хилар а ду. Шуна, маршо еза. Маршо йоцуш долу къам, къам дац. Оха, шух масала оьцура ду. Тхайга далучух, шуна гIо а дийр ду. Хьовсал, гой шуна! - аьлла, Ардзинбас шен сура куй а, шаьлта а схьаийцира, - Со бусалба стаг ву. Вай, цхьа бусалба вежарий ду. Вайн гIиллакхаш а, духар а дайшкара дуьйна схьадеъна, цхьана догIуш ду. Со нахчий лоруш а, безаш а ву". Эшначу меттехь вовшашна гIо-накъосталла дан тIе а лаьцна, дIасхьакъаьстира уьш.
Цул тIаьхьа дукха хан ялале, 1991-чу шарахь, Нахчичохь маршонехьа къуьйсуш гIаьттира нахчийн къам. Оцу кхолладеллачу, чолхечу хьелашна орцаха бевлла, нахчашна гIодан баьхкира дуккху а къаьмнийн, яхь йолу кIентий. Цаьрца, абхазаш а бара. Абхазашца и гергарло тасадалале хьалха гIебартой, чергазийн, кхарачойн, балкхарийн, адыгийн дуккху а къонахашца, дикачу кIенташца гергарло лелош вара Гелаев Хьамзат.
ХIинца, и абхазаш нахчашна гIодан, орцаха баьхкича, цаьрца а гергарло тесира цо. Орцах баьхкиначаьрца адыгейцаш а бара. Массо а, цхьа бIе кхузткъе итта стаг вара уьш. Жима делахь а, и къам вай нахчийн санна гIиллакхаш долуш, доьналла долуш, оьзда къам ду. Духар а, вайн санна ду церан. Хьамзатан гергарло тасаделла, дукху а кIентий бара царна юкъехь.
Дукха хан ялале, Абхазехь а кхолладеллира чолхе хьал. Россин информацин хаамашца, синтем байна дара цигара хьелаш. Россин политика, цкъа а ца хилла, къаьмнашна юкъехь машар беш а, я нийсо лохуш а.
Мелхо а цуо, мухха а кхолладелла хьал, муьлха а бахьна марса доккхуш хилла, и къаьмнаш вовшашца иэгIо а, вовшийн кочатаса а. Цара беш болу некъ, цу къаьмнашка вовшашца тIом байта, вовшийн цIий Iанадайта беш бу даима. "Разделяй и властвуй!" боху шайн империн, и ямарта политика абхазашний, гуьржашний юкъайоьллира Россис. КiелдIахашхула, гуьржашкахьа бовлий, къайлахь уьш абхазашна дуьхьала иркарахIиттош, абхазашкахьа бовлий, уьш гуьржашна дуьхьал хIиттош болх бара цара бийриг. "Миротворчески мисси" кхочуш ян даьхкина тхо бохуш, эскар чу а оьзна, ка ял-яллачухула, къайлаха гуьржашна а, абхазашна а тухуш, талор дара Россис деш дерг.
Тоххара, хьошалгIа хIорш бахначу хенахь, хиллачу цхьанакхетаршкахь "вовшашна эшначохь, гIо-накъосталла дийра ду” олуш, цигахь делла дош дохо йиш яцара, цу къонахойн. Цара, сихонца вовшахатуьйхира, Кавказан къаьмнийн яхь йолчу кIентийн тобанаш, цу абхазашна гIодан баха.
Гелаев Хьамзатас тоба кхуллучу юкъана, шина де хьалха, новкъаелира Басаев Шамалс куьйгалла деш йолу “шен лаамечеран тоба” ("добровольческий батальон"). Цуьнца дIавахара Ханкаров Хьамзат: "Хьалха дIабоьлхучаьрца, дIакхача лаьа суна" аьлла.
"ШийтталгIа Городок” олучу меттехь вовшахакхийтара, Гелаев Хьамзатас куьйгалла деш йолу, "шен лаамечеран, шолгIа батальон". Оцу батальонехь бара: чергазий, гIебартой, балкхараш, адыгейцаш, шапсугаш; верриге а - шибIай кхузаткъей итта стаг. Царех, цхьабIе шовзаткъе итта стаг, нахчо а вара.
Абхазиэ яха, новкъаяьлла Гелаев Хьамзатан батальон, Беслан-ГIалина гена доцуш, новкъахь лаьттачу гIазакхийн гIароллина тIеIоттаеллира. Цигахь лаьтташ, гIазакхийн БТР-ш а, кхин йолу техника а яра. Бетонан блокаш гондахьа а хIиттийна, окопаш яьхна, дIачIагIбеллера уьш.
Хьалха дIаяхначу Шемалан батальоно, цхьацца забарш яр бахьана долуш оьгIазбахна а, дарбелла а, вон хьуьйсура уьш, шайна дуьххьал тIейогIучу Хьамзатан колонне. Хьалха яьллачу, жимачу шина автобус тIехь, Дашаев Умалта куьйгалла деш йолу спецподразделени яра. Шовзткъа стаг, тIемалой бара цуьнца. Ткъа, ерриге а колоннина тIехь куьйгалла деш верг Хьамзат вара.
"Шлагбаумца" дIакъевлинера гIазакхаша кхеран некъ. Колонна сацо дийзира. Машина тIера охьа а воьссина, хьалха дIавахара Хьамзат. Умалт а, машина тIера охьа а воьссина, Хьамзат тIекхаччалца, аьлла сецира.
-Умалт! Вай, тIом бан доьлхуш ду. Кхузара юхадовлахь, кхин дIайолчу хенахь вайн толам хира бац, я сий а хира дац. Вайн, юхадовла бакъо яц. Цундела, со переговорашка воьду. Суна цхьаъ хиллахь, "батальонна" куьйгалла дар, хьайга дIаоьцур ду ахьа - элира, командирас.
Умалт тIеман низам дика девзаш а, низам ша ларош а, майра кIант вара. Цо, шега бохучуьнга ладуьйгIира. "Шлагбаумна" дехьа дуьхьал йирзина лаьттара гIазакхийн БТР, йоккхачу пулеметан биргIа автобусна нисса схьа тIе а ерзийна, "кхин герга гIортал!" аьлча санна. Цу тIехь вара гIазакхийн майор. Умалте къамел диначул тIаьхьа, "шлагбаум" йолчухьа дIа тIеволавелира, шеца шиъ тIемало волуш Хьамзат. Иза, майоре вистхила дагахь сецира.
- Если еще один шаг сделате, вы будете на месте расстреляны! - элира майоро, буьрсачу озаца.
"Раз! Два! Три!" аьлла, кхо гIулч а йоккхуш тIе а вахна, мийра тоьхна, "шлагбаум" йостуш:
- "Ну! Стреляйте!" – элира, велакъежначу Хьамзатас.
- Ты что, ненормальный?! – элира, цецваьллачу майоро.
- Ты сам ненормальный! - аьлла, юха а вирзина, накъосташка куьг ластира Хьамзатас.
"ТIе тоха герз!" аьлла, беш хаам бара иза. Умалт шен тобанца позици лаца кхиънера. Кхо минот хан ца елира нахчийн кIенташий, гIазакхин салташий вовшашна герз тухуш. Делахь а, доккха цIий ца Iано гIерташ деттара шина агIонгахь болучвра шайн герзаш. Болабелира, син пхенин чIогIалла зоьш болу тIом. Вайчара сихонца схьалецира мостагIчуьнан позицеш, гIазакхийн салтий тоьхна, тоьхна бохийна, лелха а беш.
Царех цхьаберш кхерабелла, еш дуьхьало а йоцуш, герзаш охьа а кхуьссуш, хьун йолчухьа дIауьдура. Вайчара, бела а буьйлуш, тIаьхьа а уьдуш, тIаьхьашха тIе мийраш беттара царна. Итт минот ялале, гIазакхашкара церан окопаш а, блиндажаш а схьаяьхна, и меттиг шайн долаерзийра кIенташа. Майор, мича вахна а ца хууш, тIап-аьлла вайра. Генахь йоццуш, постехь лаьттачу хIирийн милицига, "Сдавайтесь!" аьлла, омра дира Гелаевс. Нахчашна, дуьхьало ян дагахь бацара вуьш. Царна гуш дара, гIазакхин салташна динарг. Цхьа а тайпа дуьхьало йоцуш, герз охьа а дуьллуш, карабаьхкира хIирий. Гелаевн накъостехь, цхьаъ дIа ца къаьсташ, цхьанне чов ца хуьлуш, кхиамца, толамца чекхъелира и операци. Бакъду, кхеран ши автобус, гIазакхийн тоьхначо герзо цаца беш йохийнера. Кхин дIадаха, пайденна йоцчу яьккхинера и шиъ.
- ХIинца, хIун до вай, кIентий?! Кхин дIадаха, хIара автобусаш пайденна ма яц вайн! - элира Хьамзатас шен бIонакъосташка.
- Дан хIума карор ду. Кхузахула, даима дIа-схьалелаш пассажирски автобусаш ю. Пассажираша, шайна амал бер. Вай и автобусаш схьайохур ю... .
И къамел деш хIорш лаьттачу хенахь, схьагучаелира ши автобус. Хьалха яьлла йогIург, кIеда гIенташ долу, "Мерседес" олу автобус яра. Дукха генахь яцара, цунна тIаьхьа йогIуш йолу "Икарус" а. Хьалха йогIуш йолу автобус сацийра тIемлоша, шозлагIниг а сецира цуьнца.
- Слезайте! - аьлча, маьхьрий девлира пассажиршка, хIокхарна ца хуу мотт а буьйцуш.
ТIемлошна моьттура, уьш хIирий бу. Церан къамеле ладегIа, хан яцара церан. “Ваха” цIе йолуш кIант вара Умалтаца. Иза, каде, цхьана автобусна чуиккхира, баттара яьккхина шаьлта хьовзош автобусан салона чохь. "Зарежу!" бохуш, хье тIебаьлла ши бIаьрг а болуш, цу мохь оьхучуьнан васт дайча, иза хьераваьлларг ву моьттура долуш дара. "Iалелай, вададай!" бохуш санна маьхьарий девлла, вовшийн кортош тIехула а лелхаш, багийча санна охьалилхира мехкабоцурш. Уьш хиллера, Европера туристаш.
ТIемалой шайн герзашца, оцу шина автобус тIехь дIанисбелира. Иштта хIирийн постера схьа яьккхина милицин ши машина, цу тIехь хиллачу эпсаршца хьалха-тIаьхьа а яьккхина, "сирена" олу сигналаш а етташ, "мигалкаш" а хьийзош, кхин а дIабаха новкъабевлира уьш. Гелаевс некъ зиэ, хьалха дIабахийтина бара талламхойх пхиъ тIемало.
ГIебартойн махка дIакхечира "шен лаамерачеран" и колонна. Некъ зен бахийтинарш юха, дуьхьала баьхкира.
- ХIун ду цигахь? - хаьттира Хьамзатас.
- Вайна боьгIна гур бу, Пятигорскал дехьа, Черкесске боьдачу новкъахь. Трассина аьрру агIора, аренца дIахIоттийна шовзткъе итт БТР-аш а ю, некъаца дуьхьал лаьтташ йиъ БТР а йолуш. Аьтту агIора, эрз баьлла уьшал ю. Вай, шайн гура чу а дахкийтина, тIиэхьаша некъ дIалаца, юьстахо латтош, кхин йиъ БТР а ю. Иштта, хьал ду-кх, вай дIадаха дезачу новкъахь, - аьлла, дийцира некъ зен бахначара.
Юха а, вовшеха дагабевлира тIемалой.
- ХIун дича бакъахь хета шуна? - хаьттира Хьамзата шен бIонакъосташка.
Шен омра шеко йоцуш цара тIеоьцур дуйла а, кхочуш дийр дуйла а, кхин юхадовла меттиг боцийла а шена хуушшехь, делахь а, церан дагара хаа лууш вара иза.
- Вайн, юхадерза йиш яц. ГIазакхийн луур дер ду вайх, вай юхадирзича. Цу тIе, вай орцанна кхочу бохуш, вайга ладоьгIуш, вайн бусалба вежарий а бу. Бан безаш хилахь, тIом а бийр бу, дала дезаш хилахь, дала а лийра ду, - элира цхьатерра накъосташа, - Иза, дIакхаьчча хуур ду-кх.
Массеран а цхьа барт а хилла, "шен лаамечеран” тоба, хьалха яьккхиначу а, тIаьхьа хIоттийначу а хIирийн милицин машинашка "сирена" олу сигналаш а терсайоьйтуш, серлонан "мигалкаш" а хьийзош, цIе яйъа доьлхуш санна меттахаелира.
"ХIун хир ду техьа кхунах?" бохуш, ойла а еш вогIучу Хьамзатан бIаьрг кхийтара, некъ дIалаьцна дуьхьала йогIучу Iаьржачу асанах. Иза яра, йоьзткъе итт сов бронетехника а, кхин йолу машинаш а шеца йолу, гIазакхийн тIеман колонна. Цунах цецбевлла а, я боьхна а бацара и дог майра кIентий. Шайн машинийн болар а, ца лахдира цара. Хьаьккхина-хецна, дуьхьала бахара уьш, йоккхачу цу колоннина. Машинаш совца а яйтина, герга кхаьчна гIазакхийн колонна, дуьхьалаваьлла, куьг ойъуш сацийра иза Хьамзатас.
- Шу муьлша ду? Аша, хIун леладо? - хаьттира гIазакхийн эпсаро.
- Тхо, Абхазиэ тIом бан доьлхуш ду. Аша тхуна гIодан деза, тхуна йиначу кIелонех тхо тIехдохуш. Цунах, ши пайда хира бу. Оха уьш а бойъур бац, цара тхо а дойъур дац. Шу шайн новкъа дIа а гIур ду, - элира Хьамзатас.
Цецваьллачу гIазкхийн эпсаран, и шен колонна, тIаьххьаре а юхаерзо дийзира. Оццула доьнала долчу нахчийн тIемалойн командирах, озавелира иза. Цунна гора, шена дуьхьала хIоьттинарг, берзан амал йолуш а, юхавера воцуш а, майра къонах хилар."Кхаьрца тIом болийча а, толам хира бац. Абхазиэ дIакхачале, аьтто боллучохь охьаатийти беза хIорш" бохург дара, колонна юхаерзийначу цу эпсаран дагахь. И сацам бира цуо, кхин дан хIума ца хиларна. ХIунда аьлча, кхара къамел дечу юкъана, нахчийн массо а тIемалой, цуьнан техника дIалоцуш чухевшинера, цхьацца-шишша нислуш хIорране а чохь.
Кхарна йинчу кIелонна, боьгIначу гурана, юккъе чуяхна дIахIоьттира гIазакхийн колонна. Гелаев Хьамзатан тIемалой а, цу колоннина юкъаийна а болуш.
Цу кхолладеллачу хьоло, тIех чIогIа цецбаьхнера, Хьамзатан тобанна кIелонаш йина Iийнарш. "ХIинций-хIинций, нахчийн "добровольцаш" гура чу а богIура бу, цаьргара герз схьа а доккхуш, уьш охьа а отура бу" бохуш, массо а меттехь позицеш лаьцна тIаманна кечбелла Iийнарш, боьхна, шаьш хIун дан деза ца хууш, дIасхьауьдура хIинца.
Разведке, некъ зен бахийтиначара ма-аллара, боккхачу некъана аьрру агIора, аренца лаьтташ, гIазакхийн шовзткъе итт БТР яра.
Накъосташа ма-дийццара, аьтту агIора кхеран машинашца а, я гIаш а чекхдовлалура доцуш, буькъа эрз баьлла, уьшалш яра. Гена йоцуш лаьттачу хьуьнан асанца (лесополоса), дIахIоттийнера гIазкхаша шайн гIаш-салт а. Окопаш а яьхна, бетонан блокаш а хIиттийна, тIамна кечбеллера уьш. Дукха хан йоцуш, тIех яьлла шайчийн колонна юхаерзар хIун ду ца хууш, цецбевлла хьийзира гIазакхийн эпсарш.
"Нахчаша, йийсар дина, юхаялош-ам яц техьа хIара колонна?” аьлла, ойла кхоллаеллера церан тIаьххьаре а. Вукха агIора, “йоьзткъа сов бронетехникаца, шеца долчу герзашца, шеца болчу салташца, йийсарехь муха хира бу хIорш?" аьлла хетара юха а, тIемалойн кIезигалла гича.
Некъ лаьцна лаьттачу еа БТР-х хьалхарачунна тIера, Хьамзате схьа вистхилира гIазакхийн инарла, Нахчичуьра богIучу кху "добровольцийн" гIуллакх, кхуззахь чекхдаьлларг а лоруш, дегI нисдеш ирахIоьттина лаьттачо: "Герз охьа а диллий, юхадерза. И шуьгара герз, Россин долахь герз ду. И герз лело, шун бакъо яц. Иза, шун махкахь оха, цхьана ханна дитина ду. Шун къам тхох дозуш хиларх, я ца хиларх лаьцна аса хIумма а ца боху" элира.
Хьамзатас, доцца дуьхьал жоп делира:
- Тхо, шуна герз охьа а диллина, керадахка арадевлла дац, тIом бан арадевлла ду. Лата а, дала а кийча ду тхо. Толам боккхура бу оха, я летта, массо а лийр ду тхо, къонахой санна. Кхин варианташ яц тхан. Аша схьакхийдош дерг, оха тIеоьцура дац. Шуна гучу кху хIорра машина чохь, тхан шишша-кхоккха тIемало ву. ТIом бан, тхан аьтто бу. Тхо, шух лата кийча а ду. – олуш, хьажаюккъера шад бостуш, - Цу Дала, тхан далар кхузахь сацийнехь, шуна а, изза далар нисдина Цуо. Шеко йоцуш, тхойца далар хира ду шун, - аьлла, тIетуьйхира Хьамзатас.
Цуо иштта деллачу жоьпах, цецбевллера гIазакхий.
Инарлаш а, эпсарш а машинаш тIера охьа а бисина, вовшашца къамелаш деш, вовшеха дагабовлуш дикка лаьттира. Шаьш дан дезарг ца хууш, вовшашца барт ца хуьлуш, жоп делла уьш ца бовлуш, диъ сахьт гергга хан елира. Оцу кхаа-деа сохьтехь, вуно каде хьаьвзина, тIамна кечлуш, позицеш лецира Гелаевн тIемалоша а. ГIазкхашца тIом бан, аьтто лаха хиира царна иштта. Нахчий гура чубохка кечбелла гIазакхий, шаьш гура чохь бисира. Нахчий бацара йийсарехь, уьш майралла, доьналла долуш хиларна. ГIазакхий бара йийсаре баьхкинарш, цара шайн стешхалла гучаяккхарна. Герзашца, берзалой санна, шайн колоннех дIаоьш, юккъе чухевшиначу нахчех кхерабеллера салтий а, церан командираш а.
Цу кхарна дуьхьалакхеттачу гIазкхийн тIеман колоннина коьртехь верг, Анатолий Куликов хиллера. Куликовна а, цуьнца болчу командирашна а хаьара, тIом болабелча, уггаре а хьалха кху нахчаша, герз шайна тухура дуйла а, уьш кийчча Iалашо лаьцна, и герз тоха шайна тIедерзийна Iаш уьш буйла а. Къайлахь бIаьрг кхобура цара, нахчаша сихонца позицеш лаьцначу меттигашка. Нахчашна некъ маьрша ца битча, довла меттиг йоцуш, шаьш йийсарехь дуйла хиара царна. Вовшеха кхеташ боцу, гIазакхийн тайп-тайпана эскаран эпсарш шайн къамелехь кIадбинарг а, кху колоннница "стратегически герзан материалаш" хилар а дара цхьана агIора.
- Дика ду, делахь. Оха шу дIадохуьйту, - элира, тIаьххьаре а инарлас.
- ХIа-хIа, тхо иштта гIура дац. Шайн машина хьалха яккха, шайх чинехь а, даржехь а, лаккхара эпсарш чу а ховша бай. Шу, Черкесске кхаччалца дIадахка деза. Иза аша кхочушдахь, оха шу паргIата дуьтура ду! - элира Хьамзатас.
- Дика ду, и дан а реза ду тхо, - аьлла, жоп делира кхин дан хIума доцуш, йийсарехь висначу инарлас.
Цара хьалхаяьккхинчу машина чухиара, гIазкхийн эпсар Анатолий Куликов а, цуьнца цхьаьна, кхин ши накъост а.
- Вало хьо, цаьрца, церан машина чухаа! - аьлла, шайн накъостех цхьаъ, АтагIара Арсанукаев Адам, цаьрца чухаийтара Хьамзатас.
Цуьнца, ши адыгей а чухиара, цу чуьра эпсар кхечу чухаош..
Гелаевс шайна динарг ла ца луш, оьгIазаоьхура гIазакхийн хьаькмаш. Нахчийн кIенташца тIом бан дахьа а ца даьхьна, шаьш йийсарехь дисарал совнаха, хIокхеран лаам кхочушбан дезар тIедоьжна уьш, кхин а чIогIа дарбеллера. Шайн, нохчашка хьалххе дуьйна боцчу безамна а, шайн колонна юхаерзорна а дарвеллачу Куликовс, Адамна Iиттарш ян йолийра:
- Шу хIун гIуллакх ду, цу Абхазиэ даха? ХIун ду, аша лелош дерг? - элира эпсаро.
- Абхазаш, тхан бусалба вежарий бу. Де эшна висча, вашас вешина гIодеш хуьлу. Уьш, кIезиг къам ду. Цундела, царна гIело йо. Цундела доьлху тхо, царна гIодан.
- “ТIом бан доьлху” бохург, дуй хьан иза?
- Ду.
- Шун бакъо ма яц, Ельцинера пурба а доцуш и лело. Шу, Россин керахь ма ду.
- Тхо Россин керахь хилла а дац. Оха, тхешан маьрша пачхьалкх кхоьллина. Оха, тхешан и маршо дIалура яц, Россин политикаша хIуъа дийцахь а. Тхо, "добровольцаш" ду. Тхан, цхьаьнгера а пурба деха гIуллакх дац. Ельцинера муххале а. Ельцин тхан президент вац, шун президент ву, - Адамас аьлча,
- Шу "добровольцаш" дац, шу бандиташ ду - элира Куликовс.
- Ты сам бандит! - аьлла, бетах буй туьйхира Адамас цунна.
- Останови машину - бохуш, мохь хьекха волавелира Куликов.
Адаман шина накъосто, машина саца а ца йойтуш, дехьара-сехьара муьшканаш Iуьттура Куликовн чоже, цуьнга шайн боцчу безамана.
Тiаьххьаре а, машина сацийра. Дукха оьгIазвахна, басна хийца а велла, машина тIера охьаиккхира Куликов.
Хьалха яьлла йоьду машина сацийча, ерриге а колонна сацо дийзира. Машина тIера охьавоьссина, дIа тIевахара Хьамзат.
- ХIун ду хилларг? Машина, саца хIунда йина аша? -- аьлла хаьттира цо Адаме.
- Убейте! Но с ними, я не поеду! - элира Куликовс, - Или, садитесь вы сами со мной...
- Оха, цхьа цуьрг забарш ярна, резавац хIара тхуна – элира Адамас, шега хаттаре хьажар Хьамзатас дича.
- ДIадовла, хIунда лела шу гIо? ДIадигийта, хIокхаьрга вай! - элира, церан машина чухаа тIеволавеллачу Хьамзатас. - Давайте, оставьте шутки! Ведите колонну дальше! – олуш, чухиара иза Адаман метта.
Оцу кIелонех шаьш чекхдовларна, Далла хастам беш, Черкесске шаьш дIакхаьчча,
- Остановите машину. Можете разворачиваться, вы свободны, - аьлла, шайн барт ма-хиллара, уьш мукъабитира Хьамзатас.
Маневраш еш санна, трасси тIера юьстах а лелхаш, юхайирзира гIазакхийн машинаш, дукха сиха генаевлира кхарна шаьш дохкобевллачара сацорна кхоьруш санна. Цу дийнахь "передислокаци" яр, иштта нисделира, нахчашна йийсаре баьхкинчу гIазкхийн. Амма, шайн ма-хуьллу орца даьккхира цара, правительстве биста кхаччалца хаам а бина, нахчийн “шен лаамера” тобанах дог Iабош, уьш охьаата аьтто лоьхуш.
Ельцинан омраца, "Витязь" цIе йолу спецназан подразделени дуьхьал яьккхира хIорш Абхазиэ кхачале. Чергазийн махкахь, лекха лам а болуш, некъ гатлуш меттиг яра, гIазкхийн спецназо позицеш лаьцнарг. "Керахь дукха герз а долуш, дукха боеприпасаш а йолуш, нахчийн “шен лаамечеран” йоккха колонна йогIу, новкъара посташ а йохош. ХIуъу дай а, уьш совцабе, герз схьадаккха. Дуьхьало яхь, хIаллак бе!" аьлла, дара цаьрга дина омра. И некъ гатлучохь лаьтташ йиъ "БТР-80" яра. Дикка тIевахна, хьаьжча бен гур боцуш, дукха спецназан салтий бара, оцу лаьманин дукъ дIалаьцна, тIаманна кечбелла Iаш. Мел дукха гIаш-салт тIелаьхкича а, хIума данлура доцуш, дIакъовлабеллера уьш.
Хьамзат, шен колонна саца а йина, машина тIера охьа а воьссина, гIаш дIа тIевахара, дуьхьала хIоттийна лаьттачу цу БТР-шна. Цуьнца вара кхоъ накъост.
- Постовой! Позови ка мне, вашего командира для переговоров! - элира, гIароллехь лаьтташ волучуьнга Хьамзатас.
- Кто такой? - хаьттира лаьттачо.
- Я парламентёр, - жоп делира Хьамзатас.
- Сейчас, - аьлла, дIавахначу салтичо, шайн командир схьавалийра.
Ши метр хиллал юкъ юьтуш, схьа дуьхьал веара доккхачу дегIахь волу гIазакхийн командир.
- Хьо вуй командир? - хаьттира цуьнга.
- Я командир. С кем имею честь? - элира цуо.
- Я парламентёр. Как вас зовут?
- Сергей. Ну что дальше?
- Сергей! Тхо Абхазиэ тIом бан доьлхуш ду. Тхо, шуьца тIом бан догIуш дац. Дуьхьало а ца еш, дIадахийта тхо – элира Хьамзатас, оьрсийн маттахь.
- Оха шу дIадохуьйтура дац. Цкъа делахь, Россин герз ду шуьгахь дерг. ШолгIа делахь, гIазкхийн эскар, сийсаз дина аша. КхозлагIа делахь, Конституцин закон дохийна. Шун бакъо яц, Россин пачхьалкхан куьйгалхошкара, тIеман командованера пурба а доцуш, шайггара, герз карахь долу тобанаш вовшахаетта.
- Сергей! Къамел дай вайшиммо?! ХIара ахьа а, аса а, ойла ян езаш гIуллакх ду. Тхан, юхадовла некъ бац. Тхо совцо шу гIортахь, шу а, зе ца хуьлуш дуьсур дац. Шуна, тхо сеца а ца деш, дIадахийтар гIолехьа ду.
- Тхан, шу дIадахийта бакъо яц. Сан куьйгалхоша, соьга омра дина, кхузахула “цхьа моза тIех ма балийта” аьлла. И кхочуш ца дича, со а ца волу. Шу тIех довлийтача, тхо массо а чудухкура ду.
- Сергей! Хьо дукха вахарг! Эцца, юьстахаваьлла, охьахаийтахь вайшиъ! Вайшиммо, цхьа барт бан беза, - аьлла, юьстахаваьлла, охьахиира и шиъ.
- Со ладугIуш ву. Кхин хIун ду хьан, соьга ала?
- Сан хьоьга ала ду. Тхо юхадирзича а, гIазкхийн эскарша, тхо юхьанехьа чекхдовлуьйтура дац. Аша, некъ дIа а хецна тхо дIадахийтахь, тхо, шуна герз ца тухуш дIагIура ду. Аша некъ дIа ца хецахь, вай тIом бийра бу. Ойла ел ахьа, Сергей! Шуна а, тхуна а, гIолехьа хIун ду хьажал? Сан накъостий, летта, бала арабевлла бу. Цхьа Дела воцург, уьш кхеро а, юхабаха а, ницкъ болуш стаг вац кху дуьнентIехь. Тхьойгахь, шортта герз ду, боеприпасаш а ю. ПаргIата, цхьана баттахь шуьца тIом бан, таро а ю тхан.
- Суна нахчий дика бевза. Со, шуьца тIом бан лууш вац. Аса ма-аллара, вай кхузахь дIа мел боккху ког, спутнико фиксировать беш бу. Шу оха тIехдовлийтача, тхуна таIзар дийр ду... Муьлхха а, шайна кхин некъ лаха! – элира, гIазкхийн командиро.
- ХIара цхаъ бен, кхин некъ бац тхуна. Кхузаша чекхдевллий бен, тхан даха меттиг яц. Лаьий хьуна, тIом бийр бу вай, тхо тIом бан кичча ду. Машар бези хьуна, тхо чекхдовлийта! Амма тIом болабахь, хьо вуьйр ву, хьан салтий а бойъур бу оха. ТIаккха хьуна стенна оьшу, Президентан омра? Сергей! Хьуна, пхиъ минот ло оха, ойла ян. Неужели не понимаешь, в какую ситуацию вы влипли?! Мы, бойцы “священного газавата”. Мы, не имеем права отступать.
ХIилла дан дагадеъначу эпсаро:
- Хорошо! Мне не нужно и пяти минут на размышление, - олуш, ойлане волу кеп хIоттийна, - Как же вас пропустить, чтобы власти меня не наказали?
Шайн позицешкара хIорш меттаха а бовлийтана, кхарна Iаткъам хира болу некъ бан, ойла кхоллаеллера цуьнан. Цунах шеко йолуш, Хьамзат а вара.
- Аша билгала яьккхинчу хенахь, тхо чекхдевра ду. Лаахь буьйсанна а, лаахь дийнахь а, иштта Iуьйранна а, - элира Хьамзатас, - Уггаре кIезганиг, тхуна ши сахьт хан езара ю – кхуо аьлча.
- Можно с вашим командиром встретиться и поговорить? – элира, спецназан командиро.
- Пожалуйста! Я, и есть командир “отряда специального назначения”.
ГIазкхийчуьнан бос байра. Цул тIаьхьа, доккха са а даьккхина, жоп делира цуо:
- МаьркIажа хенахь, спутникана, шу тIехь довлуш гур дац. ХIинца, вайна Iаржлуш лаьтта. Цхьа сахьт хан ю шуна, шу чекхдовла.
- Цхьа сахьт хан кIезиг ю. Тхо, чекхдовла кхуьур дац. Цхьа сахьт хан, позицешкахь лаьтташ болу сан тIемалой меттахабаха а, уьш схьагулбан а, оьшура ю суна. Уьш схьагулабича а, тхо кхуза хьалакхача, кхин ахсахьт хан езара ю тхуна, - элира Гелаевс.
- Иза, шун проблема ю. Сан, кхин дан хIума дац. Сайна кхераме доллушехь, духадалар ду ас шуна деш дерг. Вуьшта, вай тIом бийра бу – элира, ша-шеха тоамбийриг волчу эпсаро.
Цунна ца хаьара, шеца, хIара къамел кху нахчийчо дахдаран бахьана. Хьамзатас къамел дечу юкъана, тIаманна кечам бина бевлира цуьнан бIонакъостий. Наггахьа, Умалт волчухьа бIаьрг тухачу Хьамзатана, тIемалой кечам бина бевлийла хиара.
- Дика ду, делахь! Со сохьтехь кхуьур ву, я вац ца хаьа суна. Иза, хено гойтура ду, - аьлла, шен накъосташна юха тIевеара Хьамзат.
Шен хилла барт цаьрга дIа а бийцина, уггаре а тIах-аьлла болчу кIентийн тоба шеца а йолуш юхавахна, спецназо дIахецна позицеш схьалецира цуо. Хьалххе позицеш лаьцна тIемалой, меттаха бовла а, тIегулабала а хан оьшура.
Цхьа сахьат хан чекхъелира. Ченан кIур айъана, чухахкаелла йогIура гIазкхийн БТР-аш. Цу хенахь, меттахадаьлла схьадогIуш дара, Хьамзатан колонна юкъара, дисна дакъа.
- Все! Ваше время прошло. Я свое слово сдержал! - аьлла, чам боцуш вистхилира спецназан эпсар, шеца бегаш могуьйтура боцийла хаийта лерина, девнан юьхьиг а йолош.
- Посмотрите наверх! - аьлла, дукъ схьалаьцна Iаш болу шен тIемалой дIагайтира Хьамзатас.
Хьалахьаьжначу командиран, юьхьан бос хийцабелира. Гранатометаш а, пулемёташ а, ша волчухьа схьа тIе а ерзийна Iачу "берзалойх" бIаьрг кхетча, дог шелделира цуьнан.
- Ты, чечен! Меня обманул! - элира гIазкхийчо, оьгIазе.
- Как обманул? Я же тебе говорил, что иду воевать. Также, я говорил тебе, что меня не устраивает один час времени. К тому же, я не договаривался с тобой, что я не буду занимать эту сопку. Пожалуйста! Если вы считаете, что я вас обманул, можете начать свою войну. Мы готовы сражаться! - Хьамзатас аьлча, кхин дан хIума а ца хилла, чехкка кIур тосийтуш, цигара дIаяхара "Витязь" олу и спецназ.
Иштта, “шен лаамечеран” тобанна, некъ маьрша бисира. Хьамзат шен тIемалошца, Абхазиэ дIакхечира.
Абхазашна гIодеш дуккху а тIеман операцеш йира Нахчийчуьра цига бахначу "добровольцаша". Цигахь кхолладеллачу хьолан ойла йича, гучаделира гуьржашний, абхазашний юккъе питана теснарг, гIазкхий хилар. Кавказан къаьмнаш шайна лоллехь латто, хIиллане, къайлаха лелочу питане политикан Iалашо хиллера гуьржий а, абхазаш а вовшеха летош гIел а балийтина, цу шиннан ницкъ эшначу хенахь Гуьржийн мохк а, и абхазаш а, "гIарчI-аьлла”, шайн кога кIелабохка лерина. "Миротворчески мисси" бохург, Россино шен юьхь-сибат къайла даккха йоьллина туьтмIаьжг ю. Иза, тахана гучадаьлла вайна.
Абхазашна шайн мохк шайгахь а буьсуш, цигара гIуллакхаш мелла а машаре дирзиначу хенахь Нахчичохь тIом болабелира.
1994-чу шарахь, 26-чу ноябрехь Д.Дудаев "оппозицин" цIарца вохо, бохкабеллачу ямартхошца Президентан Дворец схьаяккха дагахь, гIазкхийн бронетехникан подразделенеш гIалина тIелетира.
Дудаевн тIемалоша аьтта, дамар дарц дина, дIаяхийтира гIазкхийн куьйгаллин кIелахь чуяхкина и бандформированеш. Оцу тIеман операцешкахь дакъа лоцуш вара Гелаев Хьамзат а, Басаев Шемал а, цу шинца Абхазехь хилла церан бIонакъостий а. "Оппозици" бохучу цу цIарах, шайн гIуллакх ца хилча, Россино даррехь чулаьхкира шайн эскарш, “Нахчийчуьра гIуллакх, ницкъаца чекхдоккхура ду шаьш” аьлла.
Нахчийчохь, тIом бара кхехкаш. Буьрса а, къиза а бара и тIом.
Соьлжа-ГIалана гуо лаца, дийнахь а, буса а тIеузуш дара гIазкхийн эскарш. Малхбузехьа, гIалгIайн мохк болчу агIора, чудогIуш долу и эскарш, инарла Бабичев коьртехь а волуш, совцийна дара Ачхой-Мартанан а, Сунжан кIошташкара вовшахакхкттачу гIаттамхоша (ополчени), юкъ-юкъа шайца долуш эскаран кегийра дакъош.
Цу дакъойх цхьаъ, царна гIонна яхна яра ШаIми-Юрт йолчохь позицеш а лоцуш. Иза яра, Абхазехь тIемаш бина йолу подразделени, шайн коьртехь командир Исабаев Хьусейн а волуш. Малхбалехьара, Герзель-Юрт йолчу агIора хезаш дара, “…иштта хьал ду, цигашхула тIебогIачу гIазкхашкахь хIоттийнарг” бохуш.
Терка-Йистехула, теркахоша тIаьхьа, «аьттунан дама» а лестош чудеъна долу, гIазкхийн эскарш дара Соьлжа-ГIалина бале девлларш.
Къилбаседехьа агIора, регIаца лаьтташ дара "Дон" (Дивизия Особого Назначения) олу, Россин Чоьхьарчу ГIуллакхийн Министерствон куьйгаллин кIелахь долу эскар. УьтталгIа де дара, буьрса тIом болабелла. Къилбаседан агIонгахьа, цIий Iанош, охьаотуш бара вайн тIемалоша, гIазкхийн салтий.
Дойкар-эвла йолчухьа, регIара, гIалин чубогIучу некъа тIехь, Соьлжа-хих кхетачу цхьана татолан тIай долчохь а, тIом бара дIабоьдуш. ГIазкхийн “разведывательный батальон” яра, вайчара тIом беш, кхин чу ца йоийтуш сацийнарг.
"ДОНан" - командующи волчу инарлас, “оперативни полкера” (ОПВВ) “бронетанковый рота” ягIийтара и тIай долчу, цигахь бойъуш болчу шен салташна гIодан. Цу йоккхачу десантаца яра исс БТР.
Оцу “оперативни полкан” Начальник Штаба волу подполковник Григорьев, дукха чIогIа оьгIазвахна вара шайн боьхначу аьттонна а, цул совнаха, цхьана нахчийн тIемалочо, раций чухула шега диначу къамелана а.
И къамел иштта дара: ХIай, командир! Хезаш вуй хьо? Со, гила-борз ю. Ткъа хьо, шакал ю. Петропавловск схьаяьккха лаьа хьуна: ХIума кхийтан хьуна? Схьавола, кхин тIе а кхетара ю! И бераш, иштта тхойга охьаатийта далийна ахь кху чу? ЯгIийта кхузара, хьан да хьакхийца валларг! Аша къийса а, аша тIом бан а, хIумма а дац, шун кхузахь дисна! Оха, тхешан мохк ларор бу! Толам, массо а ханна тхойгахь хира бу! Шу, Iаьржа лай ду. Быдла ю! Со хезий хьуна, муьжгий!?"
Цу хенахь мостагIий оцу тIайх сехьа ца бовлийта, Соьлжа-хи берда йистошца а, тIайл лакхахьа а, иштта хьуьнчохь а, Басаев Шемалан тIемалой бара, тIамна кечбелла позицеш лаьцна Iаш.
ТIайл дехьа, Петропавловск-юьртара малхбалехьа агIора, Дойкар-эвла йолучухьара схьаIуьллу некъ ларабора царех цхьаболучара, цигашхула мостагIий чу ца бахкийта Iалашо йолуш.
Петропавловскана юххе тIееъна, спецназ "Витязь" а лаьттара, къилбаседан агIора, юьртана ахго а лаьцна. Цуьнан Командир вара, цкъа моцах, Гелаев Хьамзат шен батальонаца Абхазиэ воьдучу хенахь, цуьнан некъ лаьцна хилла эпсар, хIинца подполковник Сергей Алпеев. Цкъа а, шозза а, Соьлжа-хих татол кхетачу меттигна нийсса, татолан тIай тIебоьдучу некъа тIе уьш гIоьртича, Басаевн тIемалоша бат-марш аьтта, сакъералуш вацара иза.
"Витязь" спецназан цхьа подразделени а, кхин шиъ танк а яхийтира тIай долчу агIора, цу "разведывательни батальонна" гIодан. Кешнаш долчохь хоттала а яхна, чохь йисира цу шиннехь цхьаъ танк. Нахчийн кIенташа, гранатомет тоьхна йохийра иза, цу тIера танкан ротан командир, капитан Кренделев а вуьйш, ротни Лакхара лейтенантана Струковна лен чов а еш. ШолгIа танк а, ца елира гена. Iаьржачу кIуьро, дукха хан ялале къайлаяккхира иза.
ГIалин дехьа, элеватор йолчу агIорхьа, чугIоьртина “Чоьхьарчу Эскаран Оперативни Полках” а, дикка кийсак яккхинера Дудаевн тIемалоша. Танканаш йохош, чов йина Струков кIелхьараваккха Iалашо йолуш, Чоьхьарчу Эскаран вертолет дахийтира гIазкхийн командованис. И вертолет, делкъал тIаьхьа ши сахьт даьллачу хенахь хIаваэхь гучадаьлча, вайн тIемалоша дохийра, и танк йохийначу меттехь дожош, кешнаш долчу тIекхачале. Экипажан командир майор Гасан Александр а, пилот - Лакхара лейтенант Смирнов Олег а, бортан техник волу капитан Савчук Анатолий а, иштта военный врач волу подполковник медицинской службы Ермолов Владимир а вийра цу меттехь.
- Вертолет охьадоьжначу метте, дийна виснарг кIелхьараваккха, чехкка яхийта, "сводный бронемашинан взвод", шеца десант а йолуш - аьлла, омра динера ВОГ-ан Начальникас, армейски соединенин Командующин "распоряженица". Амма цу хенахь, тIай тIехь юха а марсабелира тIом. ТIелата бахначу вайн тIемалоша, къемате де хIоттийнера мостагIашка. ГIазкхийн командираша, юха а гIо дийхира бронетехника а, тIеман гIирс а боьхуш.
Элеватор йолчохь йолу, салтийн резерваш дIаевллера, "круговой оборона" лаца езаш, хьал хIоьттира цу меттигерачу мостагIашна. Карзахе бара уьш, Соьлжа-ГIалигахьара, Дудаевн керла ницкъаш тIетаIарна кхоьруш. Делахь а, Командующин омраца, "разведывательный батальон" лаьттачу гIодан а, вертолет тIера экипаж кIелхьара яккха а, царна карийра цига дахийта, цхьацца меттигашкара гуладина тIемалойн цхьа дакъа. Цаьрца яра: йиъ БТР а, кузов тIехIоттийна шиъ биргIа йолу "Зушка" йолу"Урал" машина а. Цаьргахь иштта дара, "АГС-17" олу кхоъ герз а.
"Сводни подразделенин" коьртехь волчу майоро, карти тIехь нийса билгал даьккхина хиллехь, тIай тIекхочура бара уьш, цигахь дIахIоьттинчу хьелашка хьаьжжина, тIаме бовла а таралора уьш.
Амма, и тIай долчахьа чуберза ца хууш, Петропавловске боьдучу новкъа бевллера уьш, тила а белла.
Иза дара, 1994-чу шаран, 21-чу декабрехь.
"Шамал Петропавловск йолчу агIорхьа шен тIемалошца охьавахна а ву, цуьнца тIемалой кIезиг а бу. Цигахь гIазкхийн эскаро Шамална гуо лаьцна" аьлла, хезира Гелаев Хьамзатана. Цунна гIодан, иза оцу лаьцначу гон юкъара ваккха дагахь, орцаха велира Хьамзат. Масхадовга рацийчухула хаьттира цуо: "Аслан! Суна хезнарг бакъдуй? Шамал, Петропавловскехь мостагIаша гобина, кхерамечу хьолехь ву бохуш ма хезна?" аьлла.
"Цунах лаьцна, соьга хилла хаам бац. Цигахула чуйогIучу мостагIчуьнан колонна дуьхьала, Шемал тIом бан вахар, и бакъду" элира Асланас.
Шовзткъа тIемало вовшаха а тоьхна, Устрада-эвла (Аргун) боьдачу боккхачу некъа тIера дIайоьрзуш, станица (Петропавловски) йолчу агIора яхара Хьамзатан тIемалойн тоба. Хьуьнан чухула чекхбовлуш хих а бевлла, юьртана тIекхачале севцира уьш. Юьртана лахахь, цунна тIекхачале йолчу арахь, мостагIийн йиъ бронетехника йохийра "фоготаш" а тоьхна, некъ зен, цо хьалхаяьккхинчу тобано. ТIаьххьаре а, Шамалан тIемлошна тIекхечира уьш.
ТIай тIекхаччалц хьуьнан йистошца а, Соьлжа-хил дехьа а, юьртана лахахьа а, позицеш лаьцна Iаш бара Шемалан тIемалой. Уггаре хьалха, царна гинарг Iела вара. "Ламбада" олура цунах. Иза, цуьнан кличка яра.
- Ассалам Iаликум! - салам делира цуьнга Хьамзатас.
- Iалелай! Спецназ а йогIу вайна гIодан! – аьлла, цкъа шен забар а йина, - Ва Iаликум салам! Маьрша догIийла шу, - олуш, мараиккхара "Ламбада".
- Пехота! Окопаться диний аша? - даггара маракъевлира иза Хьамзатас, - Шемал мичахь ву? – аьлла хаттар а деш.
- Шемал, дехьа позицешкахь ву.
Рацичухула вист хилира Хьамзат:
- ... МостагIаша хьо юкъавоьллина бохуш а хезна, хьуна гIодан орцаха даьхкина-кх тхо - элира цо, цхьацца забарш йиначул тIаьхьа.
- Бакъахь даьхкина. Эшначохь гIодан вахар, яхь йолчу къонахийн гIиллакх ду. Амма, жа юккъе иккхиначу барзана бац кхерам. Борз юкке иккхича, кхерамехь дерг жа ду. Цу берзалоша, уьстагIийн дуьмеш цоьсту. - бахура Шемалас, вела а воьлуш.
И къамел дечу юкъана, цхьа кIеззиг "помехаш" хилира эфирехь.
ТIаккха, шера схьахезира Хьамзатана:
- Ну что, Руслан! Давай встретимся, поговорим!?
- Конечно, поговорим! - жоп делира Хьамзатас.
- Тогда, давай войдем в село?
- Конечно войдем, никаких проблем нет, - иштта къамел хилира Хьамзатан рацичухула.
Цунна моьттура, шеца и къамел деш, забар еш верг Шамал ву.
Ткъа иза хиллера Хьамзатан а, Шемалан а, рацин "частота" тIехь, кхеран къамеле ладоьгIуш Iаш волу, моцах цкъа, Хьамзат Абхазиэ воьдучу хенахь, некъ лаьцна хилла, " Витязь" олу спецназан командир волу Сергей.
Хьамзат вуно сиха, шен отраьдаца юьрта (Петропавловск) юккъе чувахара, шена тешнабехк бан гIертийла а ца хууш. Юьрта юккъехула чекхболу урам схьалецира цо. Дом-Культура а, школа а, иштта туькнаш йолчохь тIемалой дIасхьа а нисбеш. Хьамзатан тIемалой меца бара. Юьртарчу наха, сагIина яа хIума елира царна кхаллар а, кхин ерг а. Цу тIеман аре хиллачу юьртахь, кIезиг бисанера нах.
ТIемалоша хIума кхоллуш, цхьа кIезиг хан елира.
"Кхуза чохь, гIазкхийн бронетехникан тата а ма ду, Шемал схьа гучаволуш а ма вац. ХIун ду-техьа хIара, дан мукъане а?” аьлла, шена ворхI тIемало тIаьхьа а хIоттийна, эвла йистехьа бIаьрг тоха, таллам бан вахара Хьамзат. ДIахьаьжча, кIайн маск-халаташ а юьйхина, лайн тIехь текхаш, зингатий санна салтий гира цунна герга гIерташ. И тIегIерташ ерг, мостагIчуьнан спецназан подразделени хиллера.
ХIорш хаабелла, и меттиг чулоцуш, го бира мостагIчо, шен бронетехникаца урамаш тидаме а оьцуш.
Цу муьрахь нисделлера, майор коьртехь волу некъах тилла "сводни колонна", Петропавловск-юьрта чуйогIуш.
Юьрта юккъе чуяхна колонна, “Дом Культурана” тIеIоттаелира. Шаьш тиладеллий а, харцновкъа догIий а хиъна, ша карти тIехь галаваларна дагахьбаллам хилла моха еъна, дена-нанна детташ вара БТР-а чохь, командир хуучу меттахь Iаш волу Штабан Начальник.
Школан майданна йина керт. Хьалха лаьтта гIишло. Кхин дIабоцу некъ гина эпсар, сакх хилла висира кIезгачу ханна:
- Разворачивайтесь! Быстрее! Быстрее! Там у моста, нас ждут! - бохуш, водитель сихвинера майоро.
Цунна ца хаьара, хIинцца, хье ца луш шайна хиндерг. Хьамзатан жимачу тобанний, коьртачу урамехь буха битанчу накъосташний юккъе нисъеллера мостагIчуьнан и колонна. Хьамзатан тIемалой тIелата а, тIом болабала а йиснарг, цхьа кIеззиг миноташ яра.
Таллам бан яхна йолу Хьамзатан тоба, мостагIаша гуо а лаьцна, юккъехь йисира. Цуьнца бара и майра кIентий: "Душман" олу Мазаев Рамзанний, доттагIаша "Киборг" олу Мураддий, Пригораднера Салауддий, Хасу-Юьртара Мохьмаддий, Идигов Хьамзаттий, гIалгIайн кIант Местоев Мохьмаддий.
Хьамзат шен накъосташка вистхилира:
- Вайгахь дерг хIун хьал ду хаьий шуна, кIентий!? – олуш.
- ХIун хьал ду?
- Летта далар. Изза, хьал ду-кх вайгахь. Вайна го лаьцна. Хетарехь, довла меттиг а яц. Болх Далла тIе а биллина, хIумма а, ийза а ца луш, къонахий санна хIокху керстанах латар ду-кх, вайна дисинарг...
КIентий вовшашка хьаьвсира, вовшийн дагара хаа лууш санна.
- ДIа, летар ду-кх, - элира Мурада, базарахь мах хоттуш санна, велакъежна волуш, шен автоматан рожок чу патармаш духкуш волачуьра, юкъах а ца волуш.
Цуо иштта аьлча, Хьамзатан дог паргIат делира, кIентий боьхна ца хиларх воккхавеш.
Мурад, берхIитта шо кхаьчна, вуно нисвелла, тIах-аьлла жимма стаг вара. "ХIара санна болчу кIенташца, вала а хала дац", аьлла хийтара цу хенахь Хьамзатана.
Керта тIехула, кхин цкъа а гондахьа бIаьрг туьйхира Хьамзатас, го биначуьра, и го хадош арадовла аьтто лохуш. Ураман некъ, цхьана меттахь, хин-турба Iуьллуш санна айбелла бара. Кертана лахаваьлла хьаьжча, некъо гола тухучохь, хи леллачу саьнгар чохь, бетонан шуьйра турба хиллера Iуьллуш. "ХIаа-а! Кхузахула кIелхьара довла аьтто хила мега тхан!" аьлла хийтара Хьамзатана.
- Же, кIентий! Хьалла турбичухула, дехьа ураме девр ду вай! - аьлла, омра дира Хьамзатас шен бIонакъосташка.
“Турбичухула” чекх а бевлла, дехьа ураме арабовллуш, гучубевлира уьш гIазкхашна. Пулеметаш а, йоккхачу калибран герз а, цхьабосса, догIа санна тIетуьйхира царна мостагIчо. Делан къинхетам хилла, цхьаа ца вуьйш, я чов а ца хуьлуш, бисира уьш цу миноташкахь. Вайн тIемалоша, мостагIашна дуьхьала герз туьйхира. ДогIа санна дIасхьаетталучу даьндаргаша, ло айъана дохк хIоьттира цигахь, вовшашна а ца гуш.
МостагIашна дуьхьала герз а тухуш, шайн накъостий болчухьа дIауьдура кIентий, нехан керташкахула. Шайна дуьхьаланисъелла керт, цхьабосса белшаш тухий охьайожа йора цара.
Некъ гатлучахь, Идигов Хьамзат тIекIел эккхийтира тIееттачу пулеметаша. Цу герзан дIаьндаргаша, тIе ло а тоьхна, къайлаваьккхира иза. Хьамзат вийна моьттина накъостий, тIехьаьвдира цунна. Шена тIера и лайн мохь охьа а бегош, хьалаиккхира Хьамзат, "АллахIу Акбар!" аьлла мохь тухуш. Варош лоцуш, дIаьндаргаш чекхъевллера цунна.
Оццу хенахь, юьрта юккъехь а, тIом болабелира. Гонна юккъера кIелхьара бевла богIу Хьамзатан кIентий, кхеран накъосташа дуьхьал тIом бечу салташна тIехьа тIенисбеллера.
Цигахь аьтто баьлла, мостагIашна тIе герз туьйхира цара, “АллахIу Акбар! АллахIу Акбар!” бохуш, Делан цIераш а йохуш. Лечкъаш а боцуш, догIамаш нисдеш ира а хIиттина, леташ бара нахчийн турпалла кIентий. Цара йохийна йиъ бронетехника, цIе летта йогуш яра. Бакаев Муса а, Местоев Мохьмад а, Баймарза а бронетехника йохош, дика говзанчаш бара. Герз нийса тухура цара. Цу тIамехь, Гаургашвили Хьамзатас а, шиъ бронетехника йохийра. Майра кIант вара и Хьамзат.
Петропавловск-юьрта чу "хьошалгIа" еъна колонна а, спецназан дакъош а, Джохара олуш ма-хиллара, "шайн ден мере" дахийтира, нахчийн яхь йолчу цу турпала кIенташа.
Царех уггаре а хьалха дIаелира, "зушка" тIехь йолу "Урал". Цуьнан кузов тIера Iункар чулелхара, кхара тоьхначу гранатометан снарядо, лерга поттарчий хIиттош Iадийна салтий. Дитташна тIиэхьа, къайлабовла гIерташ уьдура уьш. "Уралан" кабина чохь хIоз хиллера, цIе летта вогучу цуьнан шоферах.
Бронетехникана чохь Iа, кхайкханза веъна хьаша лейтенант а иккхира. Цу техникан бортах чекхйолуш кхеттачу снарядо, дукха сиха чоко ягийра цуьнан, сийна цIе цуьнан дегIах латош. Дом-Культуран цу майданара, уггаре а хьалха юхайирзина БТР, гранатометах къаьхкина, генаяьллера. Цу тIехь волчу майоран, кIезга сагатлучух тера дара, шен йохош лаьттачу колоннан а, бойъуш болчу салташна а. Шен са дадийна воьдура иза, люк схьа а йиллина, юхахьажа а ца кхуьуш.
И "сводни подразделени" цхьа кIеззигчу миноташкахь, дIакарчо чIург а ца юьсуш, вайн тIемалоша охьаэтира. Командиран и БТР а, тIаьххьаре, "бронебойни снаряд" тоьхна дIатейира. Коьртах чов хилла майор а, цуьнца болу салтий а, йогуш йолчу машенна гондахьа бертал охьабийшина бара. Юьрта юккъахь, кIенташа готта хьовзийна салтий, уьдуш туькана чулилхира, шайн чов хилларш а, байъаначеран декъий буха а дуьтуш. Ло къарздеш Iаьнначу цIийлахь Iохкура, байъанчу салтийн декъий. Маьхьарий хьоькхура, узарш дора, царех, чевнаш хилла бухабисначара.
- "Женя! Женя! Помоги..." - бохуш, мохь оьхура цхьаьнге.
- "Не оставляйте нас! Ребята-а..." – бохуш воьлхуш вара важа.
Дакъа дIадахьа гIоьртинарг а, чов хилларг кIелхьараваккха гIоьртинарг а, тухий тIекIела оьккхийтура вайн тIемлоша. И тIом, шина-кхаа сохьте белира. ЦIоькъа-лоьмаш санна каде а, майра а леташ бара и нахчийн кIентий. Оццула дукха бронетехника шайгахь йоллушехь, ка йоьхнера мостагIчуьнан. Цу тIамехь эшначу мостагIашкара, йохоза, шиъ "БТР-80" схьаяьккхира кIенташа. Дуккхо а салтий, герз схьадоккхуш йийсаре балийра. МостагIа лаьллина юьртаха а ваьккхина и тIом чекхбаьлча, раций чухула вистхилира Хьамзат: "Ну как, коллега, ваше настроение?! Есть еще желание со мной поговорить?" аьлла.
ГIазкхийн спецназан командир волу Сергей, дуьхьала вист ца хилира. Цу тIамехь, са дала язделла хиллера цуьнан. Ша Хьамзатана бан гIоьртина тешнабехк, цунах шех бахара.
Цу тIамехь чевнаш хилира Чуьри-эвлара Ризванна а, Местоев Мохьмадна а, Идигов Хьамзатана а. Шемалан тIемлойх а, вийра цхьаъ. Масийттана чевнаш хилира. ТIом чекхбаьлча, рацичухула Шемале вистхилира Хьамзат:
- Шемал! ХIун хилира цигахь? - аьлла.
- Гезаршна юккъе лилхича, берзалоша дийриг дира-кх аша цу мостагIашна - элира Шемалс, гIаддаха вела а воьлуш.
Петропавловск-юьртахь тIом хиллачул тIаьхьа, февраль баттахь, Слепцовске переговорашка вахара ДжовхIаран омраца Масхадов Аслан, шеца Гелаев Хьамзат а, Басаев Шемал а волуш.
Куликов Анатолий а, Кошман а вара цу переговоршка веъна. Цу делегацица, декъашхо хилла вахана Хьамзат, когана хилла чов ерзаза, кагбеллачу когана тоьхна, "Елизаровн аппарат" дIа а яккхаза вара.
ЦIуналахь яьллина муьста хьакха гича санна хийтира, Хьамзатана шен "хьаша" Куликов. Хьакхийгачулла башха, безам бацара цуьнан цуьнга. Хьамзатах бIаьрг кхетча, Куликовн бос хийцабелира. Йоьзткъе сов техника шеца а йолуш, тIеман эскарца ша йийсаре кхуо лацар, дицделла вацара иза. Хьамзате, куьг а ца кховдийра цо. Цуьнга куьг кховдо хьаьгна, ша Хьамзат а вацара.
2004-гIачу шарахь, Хьамзат гIазотехь дIакхелхиначул тIаьхьа, и толам хазбан шаьш кхоьллиначу киноролика чохь, Куликовс тешалла дийра ду цу переговорех лаьцна хьахош: “…Гелаев шен юьхьдуьхьала ца хьожура. Иза хила таралуш дара, шаьш бахьаненна, шайн къоманна диначу зенна эхь хеташ хиллехь а, я безам боцуш хиллехь а, …” бохуш. Нийса дерг аьлча, Хьамзатас ша дийцира суна: “Цуьнга боцчу безамна, цуьнан агIора хьажа дола хетара суна. Асланас цуьнга саламан куьг делча, “Муха ло ахьа, хьайн къам, мохк хIаллакбан веъначу цу мостагIчуьнга и куьг” аьлла, сайн дагахь оьгIазавахара со, Асланна цу хенахь ”- бохуш.
Цу дийнахь, вовшаца декъа къамелаш а дина, вайн векалш арабовлуш, царна тIаьххье схьа аравелира Кошман.
- Я хорошо знаю чеченцев. Чеченцы храбрый народ. У меня много друзей среди чеченцев. Нам надо мирно и дружно жить - элира цо.
- Если хотите мирно жить, уберите войска с территории нашего государства. И заберите к себе своих "друзей", - элира, дуьхьал дIа, бIаьргаш чухьаьжначу Хьамзатас, - Мы не позволим вам издеваться над нашим народом и безнаказанно убивать мирных граждан. Мы приняли "священный газават", “свобода и независимость”, вот вам наш ответ. От этого, мы не отступим ни на шаг! – олуш пе тоьхна иза дIахIоьттича.
- Мне просто, жалко ваших ребят, - элира Кошманас, нахчех шена къахета кеп хIоттош.
- Ну и жалей своих солдат, которые ни за что и бесславно погибают. У которых трупы, поедают кошки и собаки, - Хьамзатас аьлча, Кошман юха а вирзина, чувахара.
Хьамзатана хаьара, цо дуьцург хIун ду. Переговоршкахь шайна хетарг ца хилча, тIаьхьенах кхеравелла къамел дацара Кошманас дийриг. Иза дара, цу переговорашкахь хьалхе йолуш веъначо, Джохаран вастах тера доцу васт гайтар а, юкъа питана таса дегайовхо йитарца доьзна бахьана а. Аслан тIемало велахь а, тIом безаш стаг вацара. Цунах, мостагI а кхеттера. Цуьнан, и адам дезаран васт бахьана долуш, “иблисан” аьтто бера бу, вайн къоманна бале бера болу, бух кхолла Нахчийн махкахь. Асланна ца девзура, нахчийн цхьа кица: “Бехвеллачо, хи ма-кхоадойла” олуш хилла. Кху заманчохь тIаме хIоьттиначо дицдан дезаш дац, мостагI мекара, тешнабехке хилар а, ахьа къинхетам биначу минотехь, цуо букъа юккъе урс тоьхча санна, ямартло йийриг хилар а.
Ткъа хIинца, ДжовхIарна тIаьхьахIиттина болу нахчийн къонахой а, дог майра Хьамзат а тешара цу хенахь, АллахIан къинхетамца, толам шайгахь хирг хиларх.
Делан къайле йоккха ю.
Сулейман Асламбеков
Отдел писем
«Кавказан Хаамаш»
|